о Грозном Рестораны и кафе книга жалоб Чеченский форум Интересное Кино О Чечне и чеченцах Проза и поэзия Мастера Чечни Фото Ислам

Партнёры

Популярные статьи

Уголок мусульманина

О прощении греха за страдания

Передают со слов Абу Са\'ида и Абу Хурайры, да будет доволен Аллах ими обоими, что Пророк, да благословит его Аллах и да приветствует, сказал:
Что бы не постигло мусульманина, будь то утомление, долгая болезнь, тревога, печаль, неприятность, скорбь (или) даже укол колючки, Аллах непременно простит ему за это что-нибудь из его грехов. (Аль-Бухари; Муслим)
 
    Чеченский форум GovzPeople.ru » Моя Родина, - Даймохк » Чечня и Чеченцы  

    Чеч.Язык-Нужна помощь  
Frenki_Gapen
Сообщение # 1


Осматривается
  • 17

Репутация: 3
Группа: Посетители
Пол: мужской
Сообщений: 29

Ас-саламу алейкум братья и сестры У кого есть знания по чеченскому языку у меня завтра зачет по чеч.языку кто может дать ответы
1)Куцдош
2)Хандош
3)терахьдош , цунан тайпанаш , нийсаяздар.
4) ц1ерметдош , цунан тайпанаш.
5)билгалдош ,цунан тайпанаш, дожарашца хийцадалар
6)ц1ердош , цуьнан классаш , дожарш ,легарш


Frenki_Gapen
Сообщение # 2


Осматривается
  • 17

Репутация: 3
Группа: Посетители
Пол: мужской
Сообщений: 29

говорю сразу учить буду на зубок ) так как никогда не изучал чеченский язык


Вакил
Сообщение # 3


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 38
Группа: Посетители
Пол: мужской
Сообщений: 587

Почему методичку не взял ?


Frenki_Gapen
Сообщение # 4


Осматривается
  • 17

Репутация: 3
Группа: Посетители
Пол: мужской
Сообщений: 29

да вопросы час назад друг продиктовал , а дядя яща и гугл ниче не выдает нормального


ierihon
Сообщение # 5


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: мужской
Сообщений: 972

По поводу вот этого
Цитата: Frenki_Gapen
3)терахьдош , цунан тайпанаш , нийсаяздар.


Может это поможет:

Терахьдешнийн нийсаяздар

1. Лааме масаллин терахьдош цхьаъ яздо, цхьа орам ларбеш, чаккхенга йишхадоран хьаьрк (ъ)
дуьллуш: цхьаъ.
2. Цхьаъ, шиъ, кхоъ, пхиъ бохучу масаллин терахьдешнех цхьалхе декъаран терахьдешнаш
хуьлуш, чаккхенгара йишхадоран хьаьрк (ъ) дIадовш, юьххьера мукъаза элп шалхадолу
чаккхенгарчу а-на хьалха. Церан алар, яздар цу кепара хила деза, масала:
цхьаъ – цхьацца
кхоъ – кхоккха
шиъ – шишша
пхиъ – пхиппа
3. Чолхе декъаран терахьдешнаш дефисца яздо: виъ-виъ стаг, йиъ-йиъ книга, диъ-диъ
тетрадь, биъ-биъ къолам, исс-исс могIа, вуьр-вуьрхIитта, бер-берхIитта.
4. Чолхе-билгалза-масаллин терахьдешнаш дефисца яздо: цхьа-ши стаг, кхоъ-виъ кIант, пхи-
ялх дешархо, ши-кхо кор, кхойта-вейтта стаг.
5. ХIоттаман терахьдашна юкъахь долу хIора дош а къаьстина яздо: ткъе ялх, эзар ворхI бIе
ткъе бархI.
6. Ах (эха) боху терахьдош шеца долчу цIердешах къаьстина яздо: ах мах, эха мехах, ах
меттиг, эха меттигехь, ах керт.
7. Шех цхьана хIуманан цхьа цIе хуьлучу цIердашехь ах (эха) боху терахьдош цхьаьна яздо:
ахгIайре, ахколони, Эхаборзе (Ассиновская станица), ахсом.
8. Цхьайттангара ткъаяссанга кхаччалц берхIитта юкъалоцуш долчу чолхечу масаллин
терахьдешнийн ши орам цхьаьнакхетачохь, хьалхарчу ораман чаккхенгарчу мукъачу элпана тIехьа -
йтта, мукъазчунна тIехьа -итта яздо, масала: цхьайтта, шийтта, кхойтта, дейтта, пхийтта, ялхитта,
вуьрхIитта, берхIитта.
9. Масаллин терахьдешнаш 40, 60, 80, 100, 1000, 19 кху кепара яздо: шовзткъа, кхузткъа,
дезткъа, бIе, эзар, ткъайоьсна (хилла «ткъа», «йоьссина» боху ши дош цхьаьна а кхетта: цуьнан
дукхалла, масалла йоьссина, лахайоьссина, лахъелла). ГIалгIайн маттахь иза ду ткъеста (ткъо+яста,
яьстинарг лахло, жимло, ахйоьду).
10. Цхьалхе декъаран терахьдешнаш а хийцало терахьашца, масала: цхьацца –
цхьаццаннаш
шишша – шишшаннаш
кхоккха – кхоккханнаш
пхиппа – пхиппаннаш


Правда про цунан тайпанаш ничего нет.



--------------------
Лийр воцуш санна деша, вала кичча ваха!
Со нохчи вац. Не чеченец я.
Rocky
Сообщение # 6


Уже осваивается
  • 34

Репутация: 15
Группа: Посетители
Пол: мужской
Сообщений: 92

Ва1алайкум ассалам. учебник в формате pdf.
Внимание! У вас нет прав для просмотра скрытого текста. Необходимо 10 сообщений.


[hide]http://zhaina.com/language/175-nokhchijjn-mott-89-chujj-klassashna.html[/h
ide]



--------------------
Wenn du redest,
dann muß deine Rede besser sein,
als dein Schweigen gewesen wäre.
ierihon
Сообщение # 7


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: мужской
Сообщений: 972

Куцдош, цуьнан тайпанаш,
нийсаяздар.

Даран, хиларан билгалонаш гойтучу къамелан декъах куцдош олу. Тахана де хаза ду.
Селхана регIахь догIа деара. Заргана йоза хаза яздо. Заргана Маремна совгIатана книга елира.
МаьIнашка диллича, куцдешнийн тайпанаш кху кепара ду:
1) хенан: сарахь, сарале, сарралц, делкъехь, делкъале, делккъалц (маца? мацале? маццалц?);
2) меттиган: кхуза, кхузахь, кхузахьа, кхузахьара, кхузахула, кхузахьахула, кхузара, кхуззалц
(мича? мичахь? мичахьа? мичахьара? мичахула? мичахьахула? мичара? миччалц?);
3) бахьанин: шелонна, йовхонна, куралла, жималла, сонталла, дикалла, хазалла, халалла,
цундела (хIунда? мича бахьанина? хIун бахьана долуш? мича бахьаница?);
4) Iалашонан: совгIатана, безамана, тамана, синтемана, гIиллакхана, тешамана, закъалтана,
хIуьттаренна, забарина, йохьана, гIоьнна, юхьдагна, декхарина (мича Iалашонца? хIун Iалашо
йолуш? мича Iалашонна? стенна?);
5) мухаллин я даран суьртан: чехка, меллаша, хаза, дика, цIена, нийса, говза (муха? мича
кепара?);
6) масаллин, бараман: дукха, кIезиг, шорта, дукхазза, хийлазза, шозза, кхузза, доьазза (мел? м о
с а з з а?).
Куцдешнийн нийсаяздар.
1. Дош карладоккхуш кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца яздо, масала: кест-кеста, сар-
сарахь, шар-шарахь, юх-юха, тIаьхь-тIаьхьа, юкъ-юкъа, бес-бесара, тайп-тайпана, дукхе-дукха, сих-
сиха.
2. Цхьа боху дош тIекхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш цхьаьна яздо: цхьакIеззиг,
цхьажимма, цхьабосса, цхьатера, цхьатерра, цхьанаггахь.
3. Азтардаран айдардашах, дош карладоккхуш, кхолладелла чолхе мухаллин куцдешнаш
дефисца яздо, мас а л а: лап-липпехь, гап-гиппехь, дап-диппехь, къарш-къиршшехь, кIарс-кIирссехь.
Билгалдаккхар. Дукха, кIезиг бохучу дешнех, цIердашца уьйр хилахь, билгалза масаллин
терахьдешнаш хуьлу, хандашца уьйр елахь, масаллин куцдешнаш хуьлу, м а с а л а: дукха книгаш,
кIезиг книгаш, дукха дуьйцу, кIезиг дуьйцу.
4. ЦIердош а, мукъаза элп шалхадолуш тIекхета хандешан кеп а цхьаьнакхетарх хилла чолхе
куцдешнаш дефисца яздо: ког-хецца, бIаьрг-хIоьттина, лерг-таIIийна, нуй-хьаьккха, нуй-хьаьккхина.
5. Кхушара, цундела, шехеннахь боху чолхе куцдешнаш цхьаьна яздо: м а ц а? – кхушара, м у ь
л х а ч у шарахь? – кху шарахь.
6. Аьлла боху дош тIекхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца яздо, м а с а л а: тIоф-
аьлла дIатилира, тоф-аьлла Iаь гIаьттира, гап-аьлла букъа тIе куьг туьйхира, тап-аьлла дIатийра,
парт-аьлла хьалаиккхира, дап-аьлла яьшки тIе хIума туьйхира.


Хандешан спряженеш, церан нийсаязъяр

Хандош терахьашций, хенашций, классашций, саттамашций хийцадаларх спряжени олу. Нохчийн
маттахь спряженеш, церан кепаш, башхаллаш къестайо карарчу хенан ораман, чаккхенан балдийн
мукъачу аьзнийн цхьаьнадаран (гармонин) буха тIехь.
Вайн маттахь ши спряжени ю:
1) 1-ра спряжени карарчу хенан -у чаккхе йолуш: олу, доьшу, узу, хуьлу, юлу, юьлу, хьовсу,
гойту;
2) 2-гIа спряжени карарчу хенан -а чаккхе йолуш: лаьтта, хеза, вевза, цIийза, хьийза, хьаьвза.
1. Карарчу хенан орамехь балдийн мукъа элп (о, оь, у, уь, уьй, ю, юь, юьй, ов, ой) хиларца
чаккхенга балдийн мукъа элп -у хIуттучу хандешан спряжених хьалхара спряжени олу,
масала: вогIу, воьду, хIутту, Iуьллу, югIу, юьллу, юьйцу, хьовсу, гойту, хьовзу, Iойту.
2. Карарчу хенан орамехь балдийн доцу мукъа элп (аь, аьв, е, ев, ий, иэ) долуш, чаккхенга
балдийн доцу мукъа элп -а хIуттучу хандешан спряжених шолгIа спряжени олу, масала: лаьа,
хаьа, Iена, Iема, хьаьвза, вевза, хьийза, кхийда, терса, тиэрса.
Хандешан карарчу хенан орамехь балдийн мукъа аз хилча, чаккхенга балдийн мукъаниг хIуттуш,
орамехь балдийн доцу мукъаниг хилча, чаккхенга балдийн доцу мукъаниг хIоттаран гIиллакхах
нохчийн маттахь мукъачу аьзнийн цхьаьнадар, оьрсийн маттахь уподобление гласных, грекийн
маттахь мукъачу аьзнийн гармони, латийнийн маттахь мукъачу аьзнийн ассимиляци олу.
3. Инфинитиван орамера мукъа аз карарчу хенан орамехь хийцадаларе диллича, хандешан
хьалхарчу спряженин бархI кеп ю:
1) а – о:
ала – олу,
ара – ору,
аха – оху,
хьажа – хьожу,
хатта – хотту;



--------------------
Лийр воцуш санна деша, вала кичча ваха!
Со нохчи вац. Не чеченец я.
Frenki_Gapen
Сообщение # 8


Осматривается
  • 17

Репутация: 3
Группа: Посетители
Пол: мужской
Сообщений: 29

Даьла рез хьуйла масерна )


Вакил
Сообщение # 9


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 38
Группа: Посетители
Пол: мужской
Сообщений: 587

Коротко) Даран я хиларан тайп-тайпана билгалонаш гойтучу къамелан декъах куцдош олу.
Куцдош дар я хилар муха,маца,мичахь,х1унда,х1ун 1алашо йолуш?
Масала:Вахара(муха?)меллаша,еара(маца?)стохка,яра(мичахь?)кхузахь,ийцира(мел)дук
ха,веара(мича 1алашонца?)хьалххехь д1акхачаран дуьхьа.


Вакил
Сообщение # 10


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 38
Группа: Посетители
Пол: мужской
Сообщений: 587

Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу.Масала:оху(копаю),1амадо,воьду.
Хандеш предложенехь сказуеми хуьлий лела.Масала:Марха школе ЯХАРА.
Надеюсь тебе подразделения хандоша не нужны,а то мне с тел. это писать неудобно.


eva4014
Сообщение # 11


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 35
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 550

:feel:



--------------------
Когда нет слов...Когда душа молчит...Ты загляни в глаза...Там сердце говорит...