о Грозном Рестораны и кафе книга жалоб Чеченский форум Интересное Кино О Чечне и чеченцах Проза и поэзия Мастера Чечни Фото Ислам

Уголок мусульманина

О покаянии Пророком

Сообщается, что аль-Аггар бин Йасар аль-Музани, да будет доволен им Аллах, сказал:
Посланник Аллаха, да благословит его Аллах и да приветствует, сказал: «О люди, приносите покаяние Аллаху и просите Его о прощении, я же, поистине, приношу покаяние по сто раз в день». (Муслим)
 
    Чеченский форум GovzPeople.ru » Мнения, опросы, разговоры » Юмор и интересные факты  

    Нохчийн маттахь дийцарш, кто как слышал )))  
NIFERTITY-80
Сообщение # 1


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1677

Вай ненан мотт исбаьхьа а, хазарна зевна а бу. Шайна хууш долу дийцарш язде кху чохь. Забаре дийцарш яздича даима дика хир ду :winked:



--------------------
НАХАНА Т1ЕРА АНТАШ ЛЕХЬАДАЛЕ
ХЬАЙГА КУЬЗГАН ЧУ ХЬАЖА)))
NIFERTITY-80
Сообщение # 2


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1677

Цхьа нохчийн "къонах" хилла зудчуна т1е а вахана 1аш. Ткъа иза гергарчара а, доттаг1аша хьийзош хилла, хьо маре вахана бохуш. Ша х1ун да деза ца хууш, волу иза, моллина т1е вахана.
- Со наха хьийзаво, т1ехбеттамаш а деш, маре вахана бохуш. Аса х1ун дича бакъахьа хир дара те?
Моллано ла а доьг1на жоп делла :
-Цу наха-м шай хабар дуьйцара, хьай маре ларде ахьа....
:wink:



--------------------
НАХАНА Т1ЕРА АНТАШ ЛЕХЬАДАЛЕ
ХЬАЙГА КУЬЗГАН ЧУ ХЬАЖА)))
muslimyv
Сообщение # 3


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 115
Группа: Доверенные
Пол: мужской
Сообщений: 884

NIFERTITY-80,
А ты "БунтIуз" не читала?)) я где-то 10 лет назад читал эту книгу, я не помню сейчас все события из этой книги, но знаю что там очень много таких смешных моментов которые можно даже рассказывать как отдельные анекдоты))



--------------------
Красноречие отнюдь не ум.
Joker
Сообщение # 4


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 129
Группа: Доверенные
Пол: мужской
Сообщений: 804

Суваш хилла новц волче автомат оьци аьл хат веан, т1акх вукхо аьлла:
- х1ах1а, 20 шо хан ю ас шугар пулемет эцан, х1инца патронш кхач ца делла))


NIFERTITY-80
Сообщение # 5


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1677

Цитата: muslimyv
А ты "БунтIуз" не читала?)

неа, не читала))) поищу обязательно :winked:



--------------------
НАХАНА Т1ЕРА АНТАШ ЛЕХЬАДАЛЕ
ХЬАЙГА КУЬЗГАН ЧУ ХЬАЖА)))
Alet,,,
Сообщение # 6


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 148
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 873

Цхьа стаг вахан хилла базар говр йохк..нах говре хьоьжаш лаьтташ хилла..таккха цхьа стаг геннара вог1ашехь говра куьйгац юста хьоьттина..
Ахь х1у леладо аьл хаьттина наха цец а боьвла,говр оьцуш хилча бага хьожи оьц хьо и юсташ ма ву..
Говр хуьлчура м яьллера хьар аьлло вукхо,кхунах мас не1ар мачи ер ю хьожуш вар сом..)
Это мне брат рассказал когда я про вес ноутбука спросила..)Люди сначала спрашивают про объем памяти сколько дисков жестких а ты сходу про вес спрашиваешь..) :smile:



--------------------
То, что вы говорите о других, характеризует не их, а вас.
NIFERTITY-80
Сообщение # 7


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1677

Alet,,,,
:wink:



--------------------
НАХАНА Т1ЕРА АНТАШ ЛЕХЬАДАЛЕ
ХЬАЙГА КУЬЗГАН ЧУ ХЬАЖА)))
Седа
Сообщение # 8


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 181
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1193

Хьалхалера заманчохь нах г1о 1аш хилла: корехь б1аьрг боцуш, ц1ийнан туьнталг а йоцуш. Не1аре, чохь шийла ца хилийта, бежанан не1 тухаш хилла.
Цундела х1инца а не1арех не1 олу.



--------------------
"Не полагайтесь слишком сильно на кого- нибудь в этом мире, потому что даже ваша собственная тень покидает вас , когда вы в темноте."
NIFERTITY-80
Сообщение # 9


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1677

Цитата: Седа
Цундела х1инца а не1арех не1 олу.

Умница :smile:



--------------------
НАХАНА Т1ЕРА АНТАШ ЛЕХЬАДАЛЕ
ХЬАЙГА КУЬЗГАН ЧУ ХЬАЖА)))
Седа
Сообщение # 10


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 181
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1193

Чилла ц1е йолуш цхьа нус хилла цхьана нехан. Хаза а, кура а хилла иза. Цуьнан марзахой моз лелош, накхармозий 1алашдеш хилла. Цара шайгахь токхо йолчу хенахь, хама ца беш, цхьа накх д1акхоьссина. Кху несо иза схьаэцна.
Цул т1аьхьа хан яьлла. Мацалла х1оьттина бах. Т1аккха цу несо шена карийна мазах буьззина болу накх схьаэцна. Уьш цу ма-цаллех бевлла, и моз бахьна долуш.
Иштта сий хуьлуш, д1ах1оьттина иза шен марзошна юккъехь. Цунах олуш хилла Кура Чилла. Цигара схьаяьлла ю бах и Курчалой боху эвлан ц1е.



--------------------
"Не полагайтесь слишком сильно на кого- нибудь в этом мире, потому что даже ваша собственная тень покидает вас , когда вы в темноте."
Седа
Сообщение # 11


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 181
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1193

Миклай заманал хьалха нохчийн цхьа 1адат хилла. Юьртахь, тоьлла, наха лоруш болу къонахий хьа а гулбой, шун хьовзош хилла. Нохчийн тапча юла а юлий, шуьна юккъе д1а а къовлий, логах т1ийриг а йоьхкий, шун хьовзош хилла, гонаха къонахий охьа а ховший. Т1ийриг, оза а лой, тапча йолуш хилла. Кхоьруш верг, и ялале, юккъера д1авала таро йолуш хилла, амма юккъера д1аваьлларг цул т1аьхьа шен нийсархошлахь вистхила йиш йоцуш а хилла.
Тапча яьлча, къонахийх цхьаъ я вуьйш, я лазош хилла. Тапча яьлча, лаза а вина, вала ца леш виснарг, болх балуш вацахь, цуьнан доьзална массара а г1о деш хилла. Иза ч1ог1а лоруш а хилла цул т1аьхьа.



--------------------
"Не полагайтесь слишком сильно на кого- нибудь в этом мире, потому что даже ваша собственная тень покидает вас , когда вы в темноте."
Седа
Сообщение # 12


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 181
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1193

КЪОНАХАЛЛА

Г1араяьлла хаза йо1 хилла цхьана юьртахь ехаш. Хьал долчу доьзалехь кхиъна хилла иза. И йо1 езаш хилла къечу ден-ненан к1ант. Къелла ца хьехош, цу к1анте маре яха сацам бина хилла йо1а.
Хан хене яьлча, йоь1ан дена-нанна хиъна шайн йоь1ан дагара. "Цу къечу писе йоьдахь, дуьне дуьсуьйтур охашимма хьох", - ч1аг1о еш аьлла дас-нанас. Шаьш санна хьал долчу к1анте шайн йо1 маре яла сацам бина цаьршимма. И тосаделлачу йо1а хабар кхетадайтина т1ехьийзачу к1анте. Ницкъ ца кхаьчна к1ентан еза йо1 къайлах д1айига. Ша оццул атта хетар хиъна к1антана масех де даьлча.
Кхана сарахь марзахой нус д1айига бог1у боху хабар кхаьчначу 1уьйранна, хица юьхь юьлуш хилла йо1, шен б1аьрхиш лачкъо а лууш. Оццу миноташкахь шен п1елгах йоллу дашо ч1уг бага а тесна, юьхь т1е хи тоьхна цо. Шозза-кхузза, юьхьах хи тоьхначу хенахь багара дашо ч1уг легэшка а иккхина, са а ца даккхалуш, ша йолччохь ц1енкъа охьайоьжна иза.
Кхин иза метта янне а ца еача, орца даьккхина нанас. Ио1 елла хилар ч1аг1дина баьхкинчара. Тезет х1оттийна, цу дийнан делкъал т1аьхьа йо1 кешнашка а яьхьна, д1айоьллина.
И йо1 езаш хиллачу к1ентан ц1енош, ков-керт юьртан йистехь хилла, корах арахьаьжча кешнаш а гуш. Дика толлу ж1аьла (эр) хилла к1ентан, з1енаца ч1ог1а дихкина а долуш. Йо1 д1айоьллинчу суьйранна дуьйна, ца соцуш, леташ хилла ж1аьла. Ши де а даьлла, хьалха санна ж1аьла летачуьра а ца соцуш я юучух бат ца тухуш, б1аьргех хиш а ледаш.
- Ванах, х1окхо дан мукъана х1ун до-те? Х1инццалца ца лелийнарг ду-кх х1окхо лелориг, - аьлла, г1айг1ане хиллачу к1анта ж1аьла д1ахецна буса. Д1а махийццинехь, кешнаш долчухьа д1адедда ж1аьла. Боккъал цецваьлла ж1аьлин да, иза кешнийн керт йолчухьа дедча. Карахь герз а доцуш, ж1аьлина т1аьхьа вахана к1ант. Д1айоьллннчу йоь1ан кошаи борза т1е а даьлла, уг1уш, лат-та ахка доьлла ж1аьла. Шекваьллачу к1анта ведда вахана ц1ера бел а, лами а беана, даьстина каш. Т1аьххьара лахьта даьстича, доккха са доккхуш хезна кхунна. Х1ара кошара хьала а ваьлла, ла-дег1а х1оьттина.
- Х1ей, хиъна 1ийриг, хьо мила ву? - халла хезаш аьлла кошахь йоллучо.
- Со-м цхьаъ хир вара, хьо мила ю? Са ду хьо, ц1ий ду хьо? - кхайкхина к1ант.
Йо1а шен ц1е яьккхина. К1анта аьлла:
- Хьо муха хуьлу иза, ахь ц1е йоху йо1 д1айоьллина ши де а хилча?
Хилларг ма-дарра дийца а дийцина, к1ант тешийна цо. Ц1ера шена т1еюха бедарш яр а т1едиллина.
Цо ма-бохху, ц1а а вахана, йо1ана т1еюха бедарш еана, йо1 цу кошара хьала а яьккхина, юьрта веана к1ант, ур-атталла дош а ца олуш.
- Хьалха со хьайн дола яккхийта, - аьлла йо1а, - т1аккха йог1ур ю со дена-нанна дуьхьал.
- И г1иллакхе доцуш х1ума ду. Х1инца суна т1аьхьа а х1оттий, хеттарш ца деш, йолол, - д1аволавелла к1ант.
Некъехьа долу кор диллина хилла к1еззиг озийчахьана долуш. Меллаша йо1 цу корехула чу а ялийтина, т1аьххье чуваьлла к1ант. Кадаме баьхкина зударий хьалхарчу ц1а чохь хилла бийшина. Хан яьлла хан хиларна, йоь1ан да-нана долчу х1усаман не1 ца хьаеш, 1еш хилла и шиъ. Тийжаш хилла йоь1ан нана. Жимма 1ийча, ма тийжахьа, х1ай зуда, йо1арий-м неха а беллий, - бохуш дов дан х1оьттина йоь1ан да.
Меллаша не1 а херъеш, буьйса декъала еш, чуваьлла к1ант, йо1 ша йолччохь а юьтуш. Да-нана къаьрззина хьаьжна.
- Шуьша доха оьшуш дан... Со хаза кхаъ бохьуш веъна, - аьлла к1анта.
- Тхойшинна хила хаза кхаъ дуьнен чохь бан а бац. Чехкка кехвала! - т1ечевхина да-нана.
- Со-м буьйса яккха веана вац. Г1иллакх-оьздангалла ларйина ас, тахана а цунах хервала ойла яц сан.
- Схьачуйола х1инца, - йоь1ан ц1е а йоккхуш, не1 херъеш вистхилла иза.
Товш т1едуьйхина духар а долуш, ела а къежаш, дена-нанна хьалха х1оьттина "елларг". Нана кхетамаха яьлла. Метта еача:
- Х1ара бахам хьуна бели охашимма, къинт1ера а даьлла, эхь-бехк дала лоьрийла, к1ант, х1ара йо1 хьуна ели охашимма, - хазийна дас-нанас.
Къахкийча воьлхуш, хьаьстича воьлуш товш вац къонах. Суна х1умма ца оьшу шуьгара. Шун йо1 юьгур яц ас. Хьанал къоьлла тоьлаш хета суна, хьарамчу хьолал, - аьлла, йо1 ца ялош, ц1а веана к1ант.
Цу дас-нанас шаьшиъ даллалц некъ ца хадийна боху оцу к1ентан. Кхечуьнга маре ца йоьдуш, къанъелла боху и йо1 а.



--------------------
"Не полагайтесь слишком сильно на кого- нибудь в этом мире, потому что даже ваша собственная тень покидает вас , когда вы в темноте."
NIFERTITY-80
Сообщение # 13


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1677

Сарахь молуш 1ийначу х1усамдас дисина къаьркъа кора т1е а диллина дитина хилла. 1уьйранна чу нуй хьокхуш , ц1ано еш йолчу х1усамнанас и стака схьа а эцна, чуьра д1амелла. Мелла яьлча а, кхано-о-о бага къахьйина стака охьакхоьссина:
-Хьо дисса хьай да велла, хьо ма къаьхьа х1ума хилла,- аьлла

Майрчо элира бах:

-Уай!!! хьуний, хьан йо1аний , аса молушдерг моз ду ма моьтту....



--------------------
НАХАНА Т1ЕРА АНТАШ ЛЕХЬАДАЛЕ
ХЬАЙГА КУЬЗГАН ЧУ ХЬАЖА)))
Alet,,,
Сообщение # 14


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 148
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 873

Седа,
Коран б1аьрг цунах нохчи маттахь х1у ол дицделл сун бежаний чоьканах цхьа пардо хиллакх чекх сагуш..корах тухуш..
Нохчаша коран б1аьргах аьнгали ( стекло) х1унд ола техь и х1у ду хууш ца хилча цуьнан ц1е а хир ма яцар?
Туьмтаьлк и х1у ца хиъча туьмталк хир ма яцар..ше ц1е ю цун..а г1азкхи дымаход ю из..шин дашах кхоьллина цар из..
Нохчи пеш гин хир шун.. хьалхлора б1оьвнаш чохь а ц1енош чохь а пеш еш хилла цунах кхерч олуш хилла..камин сан хьалхара къоьвлана ца хилла из..цу чуьр ц1е яйта мегаш ца хилла..кхерч бар во лоруш хилла.. цхьа не1алт олучо кхерч бойл хьа олуш хилла..



--------------------
То, что вы говорите о других, характеризует не их, а вас.
Lina
Сообщение # 15


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 178
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1656

Са любимы нохчи дийцар))) в свое время мне рассказал Joker.

Цхьан накъосто цхьа жим к1ант хи чу воьдшчер хьалваькхан хилла. Т1акх из ц1а кхаьчан чул т1аьхьа, и жим к1ант валош, цун да веан хилла из волче. Ше дагахь и шен баркал ал веан моьтташ, окх накъосто аьлла: вай, хьаг1ерт оьшаш ма дацар, т1е1итлуш х1умнаш ма ду уьш... Вукхун дас аьлла т1акх: ас хьоьг и ца бах, ас хьоьг окх к1ент куй мичахь бу бах :wink:



--------------------
вот сдам первый рубежный контроль и вернусь к вам) люблю
Joker
Сообщение # 16


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 129
Группа: Доверенные
Пол: мужской
Сообщений: 804

1усман ц1е йолш цхьа накъост хилла 1аш, из х1ор дийнахь балх мосуз воьда, даиман цхьан гаишнико саца веш цуьнгар ахч докхш хилла. Дукх хан зам ялла цуьнгар х1ор дийнахь оцо жим жим ахч докхш. Цхьан дийнахь 1усманан гаишник кар ца винакх некъ т1аьхь лаьтш... шоллохч, кхоолохч дийнахь гуч волш ца хилла... Цхьа к1ир даьлча 1усманан гинакх ше гаишник лаьтш, т1ех волаш 1усман саца ца вина гаишнико, цец ваьл 1усманс ша саца йин машен, хетнакх цуьнг: "вай ахь х1у лелдо, мич д1авайнер хьо?" аьл, т1акх вукхо аьлла к1ант веллер ше, цундер балх ца вог1ш вар аьл. И хезан 1усман велх вол велла. Гаишникс хетна "хьо х1унд воьлх хьай к1ант и волш сан, са к1ант ма вар и?" 1усман аьлла: "ас хал кхаьбн ма вар и"


NIFERTITY-80
Сообщение # 17


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1677

Joker,
:wink:



--------------------
НАХАНА Т1ЕРА АНТАШ ЛЕХЬАДАЛЕ
ХЬАЙГА КУЬЗГАН ЧУ ХЬАЖА)))
muslimyv
Сообщение # 18


Активный форумчанин
  • 51

Репутация: 115
Группа: Доверенные
Пол: мужской
Сообщений: 884

Цитата: muslimyv
NIFERTITY-80,
А ты "БунтIуз" не читала?)) я где-то 10 лет назад читал эту книгу, я не помню сейчас все события из этой книги, но знаю что там очень много таких смешных моментов которые можно даже рассказывать как отдельные анекдоты))


Вчера нашел эту книгу и узнал что она называлась не "БунтIуз", а "ТIаьххьара верас". Автор Окуев Шима.



--------------------
Красноречие отнюдь не ум.
NIFERTITY-80
Сообщение # 19


Govz-форумчанин
  • 68

Репутация: 123
Группа: Доверенные
Пол: женский
Сообщений: 1677

Цитата: muslimyv
Вчера нашел эту книгу и узнал что она называлась не "БунтIуз", а "ТIаьххьара верас". Автор Окуев Шима.

Главное, знать содержание))))))))



--------------------
НАХАНА Т1ЕРА АНТАШ ЛЕХЬАДАЛЕ
ХЬАЙГА КУЬЗГАН ЧУ ХЬАЖА)))